ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра маьрша дуккха а нах байъина ГРУ-н капитан вийна Украинехь


Ульман Эдуард
Ульман Эдуард

Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш махкара маьрша бахархой байъарна кхел йина ГРУ-н спецназан капитан Ульман Эдуард вийна Украинехь. Цунах лаьцна хаамбина цуьнан нанна а, тIеман эскархойн "Защита" йукъараллина а тIетевжина "Новая Бурятия" сайто. Кхел йинера цунна суьдхоша, иза а воцуш, 2007-чу шарера схьа дуьйна Ульман волу меттиг хууш бацара.

Цуьнан валарх кхин кIорггера хаийтина дац. Оцу йукъанна "Сибирин экспрес" телеграм-канало тидам тIеузу, эскархо хилларг хIинца а федералан лехамашкахь хилар.

Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш Ульман Эдуард ГРУ-н спецназан тобанан командир вара, 2002-чу шарахь цара тоьпаш тоьхнера йалх маьршачу вахархочунна: 41 шо долчу ворхI бер долуш, бархIолгIа доьзалхочух йолу Джаватханова Зайнапана а, цуьнан йишин кIантана Мусаев Мохьмадна а, меттигерчу школан директор хиллачу 68 шо долчу Аласханов Сайд-Мохьмадна а, цуьан гIовсана Сатабаев Iабдул-ВахIабна а, хьуьнхочунна Бахаев Шахбанна а, машенлелорхочунна Тубуров Хьамзатна а.

2007-чу шарахь прокуроро Ульманна набахтехь йаккха йехха хан тохар дехча, спецназан капитан а, цуьнан тобанера шиъ - Калаганский Алнесандр а, Воеводин Владимир а таIзар кхайкхадале веддера, уьш лаца кхайкхийра.

  • Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш, 2000-чу шеран гезгамашин -баттахь, Оьрсийчоьнан эскархоша "зачистка" йара дIахьош Йоккхачу АтагIахь – хIетахь вийра цигара 17 маьрша вахархо. Оцу шерашкахь Нохчийчуьра бахархоша дуккха а лайначу бохамех цхьаъ бу хIара. Оцу заманарчу хиламех, хIетахь премьер-министр хилла, цул тIаьхьа пачхьалкхан президент хIоьттинчу Путин Владимира Нохчийчоь иштта кIелхьарйоккхура "террорхойх". И дерриг а лайначу нехан дагалецамаш тIехь иштта дийцира цунах лаьцна бакъонашларйархоша.
  • Нохчийн Алды эвлахь федералхоша вийра 56 тIера 82 маьршачу стагана тIе кхаччалц. "Мусаев а, кхинберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал" гIуллакх листира Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело – Керла Алды эвлара дуккхаъчу маьршачу нахана тоьпаш тохарх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG